Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета! Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Іехийра оха. Тхайн Делах дІадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха. Бакъдерг лелор юхатеттина ду, ткъа нийсо генахь лаьтташ ю, хІунда аьлча билггала дерг урамашкахь тасаделира, ткъа хьаналла чу ца ян елира. Вайн паччахьаша даьсса къамелаш до, харц а луьйш, чІагІонаш а йо, пайда боцуш болу барташ а бо. Нийса йоцу нийсо а хьалакхиайо, аренан хершнаш тІе йолу дІаьвше буц санна. Нийсонах дІовш деш долу а, бакъдерг лаьтта кхуссуш долу а, хІай адамаш!
Выбор основного перевода