Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ХІор-лома тІера иза Хьамат-Іине кхачийта, Цедад-гІалина тІе а кхачош. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. ЯрбаІама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Іинера дуьйна Іариба-тогІин хІорда тІе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кІантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара. Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тІелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагІа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чІагІо, хьан хІусамашна талор дийр ду».
Выбор основного перевода