Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ХІума яа охьахевшича, царна гира ГалІад цІе йолчу меттера эмкалийн къепалца богІу ИсмаьІалан тІаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогІучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. Амма коьртачу чагІардуттучунна Юсуп дага ца веара, цунна иза вицвеллера. Цо элира: «Ярушалаймехула дІа а гІой, гІалахь мел лелош долу дегаза хІуманаш бахьана долуш гІайгІа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тІехь билгало е». Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тІе а юхий, Іохку уьш сагІанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гІуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагІар муьйлу цара шайн Делан цІа чохь. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду.
Выбор основного перевода