Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
И керт яра кІайчу а, сийначу а басахь долчу вēтанан кІадешца кечйина. Уьш кІайн а, цІарула-цІен а долчу кІадинах йинчу тІергашца шагатІулган бІогІамашна тІе даточу хІазаршца дІатесна яра. Деших а, детих а йина садаІа меттигаш яра уьйтІахь кечйина. И уьйтІе, баьццара тІулгаш а, шагатІулгаш а, лахьорчах йоккхуш йолу хІума а, иштта Іаьржа тІулгаш а дехкина, кечйина яра. «Адаман кІант, исраилхойн Іушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Іуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! Аша уьстагІийн шура молу, церан тІергІах йина хІуманаш шайна тІе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагІашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Іуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кІелхьарбаьхна хир бу Шамран-гІалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Іаш болу исраилхой. Ас хІаллакдийр ду Іа доккху а, аьхке йоккху а цІенош. Пийлан кІомсаршца кечдина цІенош а хІаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цІенош, хІаллак а хилла, дІадевр ду», – боху Везачу Эло. Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду. Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тІехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагІа даккха кечдина бежанаш санна.
Выбор основного перевода