Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Цул тІаьхьа йийсарера юхабирзинчара тІулг боккхуш болчарна а, дечиг-пхьерашна а ахча лора, ткъа цІаданхошний, цорахошний даа-мала а, зайтдаьтта а лора, цаьрга хІорда тІехула Ливанунера Яппе кхаччалц баганан дитташ дІадахьийта. Парсихойн паччахь волчу Къуреша царна цу тІехь пурба деллера. ХІунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина, цунах Шен хІусам ян лиъна Цунна. «Иза гуттаренна а Со Іийр волу меттиг ю, кхузара Аса паччахьалла дийр ду, хІунда аьлча и меттиг Суна езна. Ас дерриг а халкъаш а дегор ду, ткъа массо а халкъашна езаш йолу еза хІуманаш кхуза яхьар ю. ХІара цІа сийлаллах дузур ду Ас, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІокху керлачу Делан цІийнан сийлалла хьалхалерчу цІийнан чул а лакхаер ю, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІокху меттехь лур бу Ас машар, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло».
Выбор основного перевода