Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Везачу Эло хІоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тІе. Цара хьийзор ду шу хІаллакьхиллалц. Ша веллачуьра денвина хиллачу кІентан нене ЭлишаІ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гІаттий, хьо а, хьан цІеранаш а цхьанхьа шайн Іен таро йолчу метте дІагІо, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхІ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза, ирс долуш а, беркате а хир ву иза. Шун куьйгаша мел динчунна Ас кІен кІора а, мекха лацар а, къора тохар а нисдолуьйтура. Амма тІаккха а Суна тІе ца доьрзура шу, – боху Везачу Эло. – Хьуна тІехь, дерриг а халкъ, неІалт ду, хІунда аьлча аша Суна къола до. Схьадайша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа дерриг а чІоьнашна чу, Сан дезачу цІа чохь кхача хилийтархьама. Оцу тІехь зейша Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ас дІайоьллур яц ткъа шуна стигалан неІарш, тІеІанор дац ткъа Ас шуна тоъал декъалдарш? Ас шун дуьхьа доьхкур ду цІазана лаьттан стоьмаш хІаллакбар, иштта шун аренгара кемсийн таьллангаш а шайн стоьмех евр яц, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода