Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Іоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дІакхоьхьур дац. ЦІерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цІеран алунаша хьуна зе дийр дац. ХІинца доьналла долуш хила, Зурбабел, – боху Везачу Эло, – доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаІ, ЯхІу-ЦІадакъан кІант! Доьналла долуш хила лаьтта тІехь мел долу халкъ! – боху Везачу Эло. – Белхаш бе, хІунда аьлча Со шуьца ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу Мисар-махкара арадовлуш Ас шуна йинчу чІагІоне хьаьжжина ду иза. Сан Са кхидІа а шуна юкъахь дуьсур ду, цундела ма кхералаш!“» ХІара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. ХІун эр дара те оцу дерригенах лаьцна? Дела вайгахьа хилча, мила вер ву вайна дуьхьал?
Выбор основного перевода