Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бІаьста а догІа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. Аша лелийначу зуламаша хІара дика хІуманаш шуна генадаьхна, аша летийна долу къинош бахьана долуш Дала деш хилла долу диканиг шух дІакъастийна.
Выбор основного перевода