Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. Нагахь, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург аша тІеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша. Мила ву шуна юкъахь Везачу Эле ларамах вуьзна а, Цуьнан Ялхочо дуьйцучуьнга ладугІуш а? Бодашкахь, серло а йоцуш, лелаш верг, Везачу Элан цІарах тешна Іаш а хуьлийла, шен Далла тІетевжаш а хуьлийла. «ХІинца иштта дІаала ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабеле а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІе а, дисинчу халкъе а:
Выбор основного перевода