Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Йийсаре дІавигина хиллачу ЯхІу-Яхинан кІентий бара: Шалтаал, Пади-ЯхІун кІентий бара: Зурбабел, ШамаІи. Зурбабелан кІентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхІу. Шаламат церан йиша хилла. Везачу Эло Набухди-Нецаран куьйгахула ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а бахархой йийсаре дІабигийтинчу хенахь, ЯхІу-ЦІадакъа цаьрца цхьаьна йийсаре вахара. Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. Ярушалаймехь долчу Делан цІенна тІехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгІа шо доладаллалц. Цу хенахь Хьагай-пайхамар а, иштта Іидун кІант Закри-ЯхІу-пайхамар а Исраилан халкъан Делан цІарах ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а болчу яхІудхошка Делера болу хаамаш бан волавелира. ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо тІедиллира, Бавел-гІалахь йолчу пачхьалкхан хазни чохь дІадиллина долчу тептарш тІера цу хІуманах лаьцна дІаяздинарг схьалаха аьлла. Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гІалин паччахьан цІа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тІехь яздина хилла: «Диц ца далийта: Шен паччахьалла дІахІоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цІийнах лаьцна омра дира. СагІанаш доху меттиг санна Делан цІа дІахІоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цІийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза. Цу цІийнан пенаш иштта дина хила деза: даккхийчу тІулгех динчу кхоккха могІарна тІе дечиган бІогІамех бина цхьа могІа билла. Ерриг а харж паччахьан хазни чуьра схьаэца еза. Делан цІенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегІаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цІа чуьра схьа а эцна, Бавел-гІала дІаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цІа чу юхаерзо еза. Царах йолу хІора хІума Делан цІа чу шайн-шайн метте охьайилла еза». Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дІадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагІерта ца беза. Делан цІенна тІехь беш болу белхаш саца ма белаш. ЯхІудхойн мехкадас а, церан тхьамданаша а Делан цІа ша хьалха хиллачу метте дІахІоттаде. Делан цІа деш болчу яхІудхойн тхьамданашна гІо дар аса шуна тІедуьллу. Иштта Эпрат-хил малхбузерчу латтанашкара схьагулдинчу ясакхах долу хІума паччахьан хазни чуьра, сихонца схьа а эций, цу цІен тІехь болх беш болчу нахана дІало и болх цаьрга саца ца байта. Цу нахана царна оьшуш мел долу хІума дІало. Динан дайшна стигаларчу Далла дагоран сагІанаш даха эсий, уьстагІий я Іахарш эшахь, царна уьш дІало. Нагахь санна Ярушалаймерчу динан дайша кІа а, туьха а, чагІар а, даьтта а дехахь, уьш а царна, кхоа ца деш, хІора дийнахь дІало. ЯхІудхойн динан дайшна и шадерг а дІало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагІанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кІентийн а дахарна тІера доІанаш дайта а. Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хІара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цІийнах боллуш болу бІогІам схьа а баьккхина, иза цу бІогІамана тІевогІа. И зулам бахьана долуш цуьнан цІенойх саьлнаш ян еза. Ярушалайм Шен цІе язъян хаьржинчу Дала таІзар дойла хІара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цІа дохо шен куьг дІакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а. Аса, Дари-Вашас, хІара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хІара кхочушдойла». ТІаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора. ЯхІудхойн тхьамданаша Делан цІа даран балха тІехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Іидун кІант волчу Закри-ЯхІус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хІиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тІедиллинарг. Делан цІа дина делира Адар-беттан кхозлагІчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгІачу шарахь. Пачхьалкхан массо а маьІІехь шен олалла чІагІдан, Дари-Ваша-паччахьна бегІийла дара шен пачхьалкхана тІехь цхьа бІе ткъа тхьамда хІоттор. Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгІачу шеран борхІалгІачу баттахь Іидун кІант волчу Барак-ЯхІун кІанте Закри-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элан хІара дош кхечира: Цара хьайга делла детий, деший схьа а эций, таж а дай, иза коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІентан ЮшаІан коьрта тІе дилла.
Выбор основного перевода