Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: ХьалагІевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хІора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цІа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера. ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. Паччахьна дІахоийла тхо яхІудхойн махкахь долчу Веза Воккха волчу Делан цІа дахана хилар. ЯхІудхоша и цІа даккхийчу тІулгех деш ду, цу тІулгашна юккъе дечиган дукъош а хІиттош. ЯхІудхоша и болх лерина беш бу, церан куьйгаша иза кхиамца а бо. ХІинца доьналла долуш хила, Зурбабел, – боху Везачу Эло, – доьналла долуш хила, коьрта динан да волу ЮшаІ, ЯхІу-ЦІадакъан кІант! Доьналла долуш хила лаьтта тІехь мел долу халкъ! – боху Везачу Эло. – Белхаш бе, хІунда аьлча Со шуьца ву, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –
Выбор основного перевода