Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
ТІаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цІенна чохь Іаш ву, ткъа Делан тІорказ четар бухахь лаьтташ ду». ЦІергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цІа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хІинца йохийна Іохкуш ю. „Аша дуккха а долчу хІумане сатуьйсу, амма кІеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цІа деанарг, Аса Сайн садеІарца дІадаьккхина. ХІунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хІорра а, сихло, шайн-шайн цІа доьлхучу хенахь, Сан цІа хІинца а доьхна лаьтта дела ду иза.
Выбор основного перевода