Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2
Параллельные места
Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду. Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Наха кІа дІадийна, амма лаьтта тІера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьІаьржачу хІиттабо, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана хилар бахьана долуш». Юур ю цара, амма бузур бац. Сийсаза лелар бу уьш, амма дебар бац, хІунда аьлча Веза Эла волчу Сох дІабирзина уьш, Ахьа яа хІума юур ю, амма хьо юзур яц. Хьан кийра бассабелла хир бу. Хьайн долуш дерг лардийр ду ахь, амма хІумма а ларлур дац хьоьга, ткъа лардинарг а Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Ахь ялта дІадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагІар мер дац. ткъа сахь кІа даккха дагахь волу стаг кІен оьланна тІевеача, цунна цигахь итт сахь бен ца карадора. Пхи черма мутта схьаэца дагахь муттдоккхургана тІевеанчунна цу чохь ши черма бен ца карадора. И денош тІекхачале, хьалхалерчу заманахь, наха а, бежанаша а къахьегарх дика ялта ца кхиира, махкахь лелаш волчу цхьана а мостагІчуьнгара синтем бацара. Ас хІора стаге кхечунна дуьхьал инкарло яйтира.
Выбор основного перевода