Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Кхана хІоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тІе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тІе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хІунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду». Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Амосан кІанта ЕшаІ-ЯхІус Хьузакх-ЯхІуга хабар дахьийтира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Ахьа Соьга ашурхойн паччахьна дуьхьал дина доІа хезна Суна. Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таІзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дІадоккху. Билггал, хІора стаг хІо санна бен вац-кх! Шаьш лелочу харцонна кІелхьардовлар хир дуй те царна? Дела, Хьайн оьгІазаллица таІзар дехьа цу нахана.
Выбор основного перевода