Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа а хІума къайла ца хьош, Шамъала дерриге а цуьнга дІадийцира. ТІаккха Іелас элира: «Иза Веза Эла ву. Цо Шена бакъахь хеттарг дойла!» Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхІус, хІунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТІаккха Дала цунна а, ЯхІудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгІазалла тІеяийтира. Амма Хьузакх-ЯхІу ша а, Ярушалайман бахархой а шаьш лах а беш, шайн деган кураллех юхабевлча, Хьузакх-ЯхІус паччахьалла дечу заманчохь Везачу Эло Шен оьгІазалла ца йира царна.
Выбор основного перевода