Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора. Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхІу. Цул хьалха, я цул тІаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхІудхойн массо а паччахьашна юкъахь. Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дІа ца вирзира Хьузакх-ЯхІу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. Ва сан Дела! Суна диканна ларий, дагахь латтадехьа аса хІара халкъ бахьана долуш динарг. Аса левихошна тІедиллира, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочушде аьлла. Уьш цул тІаьхьа гІалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хІума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох! Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таІзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дІадоккху. Билггал, хІора стаг хІо санна бен вац-кх! Веза Эла, сан доІа дІахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бІаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Іехьа. ХІунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тІевеанарг а ву.
Выбор основного перевода