Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь Бавел-мехкан паччахь волчу Балу-Адданан кІанта Мардух-Балу-Адданана кехаташ а, совгІат а дахьийтира Хьузакх-ЯхІуна, иза цомгуш хиллачул тІаьхьа товелла аьлла шена хезна дела. Геланчаш хазахетарца тІе а эцна, Хьузакх-ЯхІус царна гайтира шен чІоь-цІа чохь мел дерг – дети а, деши а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а, деза хьакхарш а, герз чохь долу цІа а, шен хазнашкахь кхин мел карош дерг. Хьузакх-ЯхІус шен паччахьан цІа чохь а, шен массо а пачхьалкхехь а царна гайтаза хІумма а ца дисира. Юха ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, Хьузакх-ЯхІу-паччахь волчу а веана, хаьттира цуьнга: «ХІун бохура оцу наха? Мичара баьхкинера уьш?» Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Уьш генарчу Бавел-махкара баьхкинера», – аьлла. «Хьан цІа чуьра хІун гира царна?» – аьлла, хаьттира ЕшаІ-ЯхІус. «Сан цІахь мел долу хІума а гира царна. Сан хазнаш чохь хІумма а ца йисна ас царна гайтаза», – элира Хьузакх-ЯхІус. ТІаккха ЕшаІ-ЯхІус элира Хьузакх-ЯхІуга: «ЛадогІа, массо а ницкъийн Везачу Эло хІун боху: „Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац, – боху Везачу Эло. – Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кІентех цхьаберш а дІабуьгур бу. Бавелан паччахьан цІахь баьІна ялхой бийр бу царах“». Хьузакх-ЯхІус жоп делира: «Ахь Везачу Элера беана хаам дика бу». Амма шен дагахь цо ойла йира: «Сан дахаран деношкахь машар а, синтем а хир бу» – бохуш. ЯхІуд-махкахь хиллачу билгалонах хаттар дан Бавел-мехкан куьйгалхоша хьажийна геланчаш баьхкинчу хенахь, Хьузакх-ЯхІу зен а зийна, цуьнан дагахь мел дерг хаархьама бен дІа ца тесира Дала иза.
Выбор основного перевода