Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кІант волчу ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цІентІехь болчаьрга весет де, хІунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“». Юьхь пенехьа дІа а ерзийна, Везачу Эле иштта доІа дира Хьузакх-ЯхІус: «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу. Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаІ-ЯхІуга: «Хьузакх-ЯхІу волчу а гІой, иштта дІаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доІа а хези, хьан бІаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тІе пхийтта шо хан тухур ю. Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хІара гІала а кІелхьарйоккхур ю Ас, гІала лар а йийр ю’“. Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хІара билгало ю хьуна. „Ахьаз-паччахьо бинчу лами тІера маьлхан ІиндагІ итт тІегІанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тІегІанна юхабелира малх. Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тІе нуьйр а тиллина, иза ша Іийначу гІала дІавахара. Шен тІаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тІаьхьа иза шен ден коша чу дІавоьллира. Цу деношкахь Хьузакх-ЯхІу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Хьузакх-ЯхІус Везачу Эле доІа дича, тамашийна билгало ярца Цо жоп делира цунна.
Выбор основного перевода