Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, лакхахула дІадоьду Гихьон-хи, дІа а къевлина, иза Даудан гІалин малхбузехьа агІор охьадахийтира Хьузакх-ЯхІус. Ша мел дечу гІуллакхаш тІехь кхиамаш хуьлура Хьузакх-ЯхІун. Хьузакх-ЯхІух кхидолчу гІуллакхех лаьцна – Везачу Элана иза чІогІа тешаме хиларх лаьцна – дІаяздина ду «Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарна дуьхьалхІоттийна сурт» цІе йолчу а, «ЯхІудхойн а, исраилхойн а паччахьийн хилларш» цІе йолчу а тептарш тІехь. Цунна тІехьа долу пенан дакъа тодеш Іазбукъан кІант Нахьми-ЯхІу вара. Иза ша Байт-Цурин ахдекъана тІехь хьаькам вара. Цо пен тобира Даудан къуббанашна дуьххьал йолчу меттиге кхаччалц а, иштта цигара дІа охкуш баьккхина болчу Іомана тІе кхаччалц а, цигара дІа Турпалхойн цІенна тІе кхаччалц а.
Выбор основного перевода