Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Кху гІалин массо а бахам церан мостагІийн кара дІалур бу Аса. Къахьегарца гІалин халкъо мел гулдинарг а, гІалин массо а еза хІуманаш а, яхІудхойн паччахьийн хазна а мостагІийн кара дІалур ю Аса. Цара и массо а хІума хІонс санна Бавеле дІахьур ю. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цІестан бІогІамех а, цІестан хІордах а, цІестан кІелхІотторгех а, иштта хІокху гІалахь йисначу кхийолчу хІуманех лаьцна. (Уьш Набухди-Нецара ша яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу а, ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а цІеяхана болу массо а нах Бавеле дІабуьгучу хенахь цига дІа ца яьхьнера.) Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цІа чохь а, яхІудхойн паччахьан цІа чохь а, Ярушалайм-гІалахь а йисначу хІуманех лаьцна иштта боху: «Уьш Бавеле дІахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тІекхаччалц уьш цу гІалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю». Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира.
Выбор основного перевода