Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь ЮшаІ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавІонехь Везачу Эло цаьрга уьш хІаллакбайтина де дара иза. ЮшаІа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавІонана тІехула сацалахь, бутт – Айлон-тогІи тІехула!» Малх а, бутт а сецна лаьттира, халкъо шен мостагІашна бекхам баллалц. Яшаран тептар тІехь яздина дац ткъа иза: «Малхбузехьа дІабаха сих ца луш, стигална юккъехь лаьттира малх цхьана дийнахь гергга»? Везачу Эло адамо бохучуьнга иштта ладоьгІна де я хьалха а, я цул тІаьхьа а хилла дацара, хІунда аьлча Веза Эла Исраилан халкъан дуьхьа тІом беш вара. Цо омра дича, малх а схьакхетар бац, Цуьнан седарчий дІакъовла а таро ю.
Выбор основного перевода