Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Исраилан халкъ Везачу Эле орца дохуш дІахІоьттира. Цундела Везачу Эло Килабан жимах волчу вешин Кхеназан кІант Іотниал вахийтира цига. Цо исраилхой кІелхьара а бехира. ТІом болчу хенахь Хьазиала масех гІала схьаяьккхинера ЯхІуашан дегара ЯхІу-Ахьазера, амма ЯхІуаша и гІаланаш юхаехира Хьазиалан кІантера Бен-Хьадидера. ЯхІуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тІехь, исраилхойн гІаланаш юха а йохуш. ЯрбаІама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Іинера дуьйна Іариба-тогІин хІорда тІе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кІантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара. Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цІе стигал кІелара дІаяйа аьлла ца хиларна, ЯхІуашан кІентан ЯрбаІаман куьйгахула кІелхьарбехира Цо уьш. цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура.
Выбор основного перевода