Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭлишаІана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тІаьхьо иза вала а велира. ЭлишаІ волчу исраилхойн паччахь ЯхІуаш веара. Цо, ЭлишаІана тІе а хІоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тІеман гІап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» ЭлишаІа цуьнга элира: «СекхаІад а, пхерчий а схьаэца». ЯхІуаша схьаийцира секхаІад а, пхерчий а. Исраилхойн паччахье ЭлишаІа элира: «Хьайн куьйгаца Іад дула». Паччахьо шен куьйгаца Іад дуьйлира. ТІаккха ЭлишаІа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тІедехкира. «Малхбалехьа долу кор дІаделла», – элира ЭлишаІа. Паччахьо кор дІадиллира. «Пха кхосса», – элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тІехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гІалахь арамхой хІаллакбийр бу». ЭлишаІа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира. Делан стага, оьгІаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТІаккха кхоччуш хІаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хІинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тІехь». ТІаккха Амци-ЯхІус исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ», – дІаала аьлла. Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тІе, нах а бахийтина: „Хьайн йоІ сан кІанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дІахьаьшна. Ахьа эдомхошна тІехь толам баьккхина. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара». Амма Амци-ЯхІус ла ца дуьйгІира шега аьллачуьнга. ТІаккха исраилхойн паччахь ЯхІуаш яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна дуьхьалвелира. И шиъ тІамца ЯхІуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гІалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. Исраилхоша яхІудхойн эскар дохийра. ТІаккха эшнарш шайн-шайн цІа дІасабевдира. Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегІа а схьаийцира ЯхІуаша. Иштта, лечкъийна, царах хІума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гІала юхавирзира иза. ЯхІуаша лелийначу кхидолчу хІуманех – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гІуллакхех а, цо яхІудхойн паччахьца Амци-ЯхІуца бинчу тІамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. ЯхІудхойн паччахьо Амци-ЯхІус, хьехамчех дага а ваьлла, исраилхойн паччахь волчу ЯхІун кІентан ЯхІу-Ахьазан кІантана ЯхІуашана тІе геланчаш бахийтира, иштта дІаала аьлла: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хІотта вайшиъ».
Выбор основного перевода