Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа. Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гІалина дуьхьал тІом а бина, иза дІалецира. ТІаккха Ярушалаймана тІелата дагадеара Хьазиална. Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Бен-Хьадид.
Выбор основного перевода