Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Іазапехь бахкор а гина. Мусана тІе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоІа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дІадахахьара алий». Мусас нахана тІера доІа дира Везачу Эле. Везачу Эло Мусага элира: «ЦІестан лаьхьа а бай, хьокхана тІе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву». Мусас, цІестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тІе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура. Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Іазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гІо дан. Цо царах цхьаберш мосазза хІаллакбо, царах болчу кхечара Иза лоьхура. Уьш Далла тІе а боьрзура, даггара Цуьнга а хьоьжура.
Выбор основного перевода