17
«Малхбалехьа долу кор дІаделла», – элира ЭлишаІа. Паччахьо кор дІадиллира. «Пха кхосса», – элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тІехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гІалахь арамхой хІаллакбийр бу».
ТІедеанчу шеран бІаьсте тІееача, Бен-Хьадида, арамхой а гулбина, уьш Апакх-гІала бигира, цигахь исраилхошца тІом бархьама.