Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьаб-паччахь веллачул тІаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гІаьттира. Цо яхІудхойн паччахьна ЯхІушаптина тІе нах бахийтира. Цуьнга иштта дІаала элира Йорам-паччахьо: «Муабахойн паччахь суна дуьхьалваьлла, хьо вогІий соьца муабахошна дуьхьал тІом бан?» ЯхІушаптис жоп делира: «Дера вогІу! Вай гергара ма ду. Сан халкъ – хьан халкъ ду. Сан дой – хьан дой ду», – аьлла. Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара.
Выбор основного перевода