Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тІехь толам а баьккхина, йоккха кІошт яьккхира цаьргара шен дола. И кІошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ІаруІер-гІалара дуьйна Арнон-хина тІекхаччалц. Цу чу догІура ГалІад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара. ЭлишаІа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТІаккха ЭлишаІа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира. Делан стага, оьгІаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТІаккха кхоччуш хІаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хІинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тІехь». ЯрбаІама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Іинера дуьйна Іариба-тогІин хІорда тІе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кІантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара. Хьазиал-паччахьан цІенна тІе цІе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гІепаш а ягор ю цу цІеро.
Выбор основного перевода