Хьазиала хаьттира: «Хьо хІунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хІун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гІепаш ягор ю, кІентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаІа.