Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу кератхошний, палетхошний тІехь хьаькам вара, ткъа Даудан кІентий паччахьан хьехамчаш бара. Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гІалахь Іаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. Шива йозанча вара. ЦІадуккъий, Абу-ЯтІаррий динан дай бара. ХІорш ю Даудан майрачу тІемалойн цІерш: тахьикманхо волу Яшуб-Бушбат, иза майрачу кхаанна юкъахь коьртаниг хилла. Цо, шен гоьмукъ бархІ бІе стагана дуьхьал а баьккхина, уьш цхьана тІамехь эшийна. Оцу кхаанна юкъара шолгІаниг ахьохьахо волчу Додин кІант ЭлиІазар хилла. ПІелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тІаме тІекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПІелаштамхой цигахь тІом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла. ЭлиІазар хилла цигахь, пІелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тІом беш. Цо, шен куьг, кІад а делла, туьрана тІелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиІазар толам баьккхина ваьллачул тІаьхьа, тІемалой тІегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тІера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хІума ца диснера. КхоалгІаниг хилла ХІарар-гІалара волу АгІин кІант Шама. Лахьи цІе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дІайийначу кха тІехь, тІом бан схьагулбелла пІелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пІелаштамхойх дедда дІадахана. Амма Шамас, цу кха юккъехь дІа а хІоьттина, пІелаштамхой эша а бина, и меттиг кІелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла. Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пІелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогІи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Іадулам олучу хьеха чу. Дауд цу хенахь чІагІйинчу меттехь вара, ткъа пІелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гІалахь хилла. Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гІалин кевнера гІу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?» ТІаккха майра кхо тІемало, пІелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гІу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагІина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цІий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала. Иштта хьуьнаре гІуллакхаш дора цу майрачу кхаа тІемалочо. Йоабан ваша, Царуятан кІант волу Абушай, цу ткъе итт тІемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бІе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза. Цу кхаа турпалхочун чул а чІогІа цІе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дІахІоьттина а вара, амма иза церан могІаре вогІуш вацара. ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гІараваьллачу шина баьччанан. Иштта ло догІучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо. Кхин а цхьа чІогІа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хІара карахь гІаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхІус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна. И тайпа хьуьнаре гІуллакхаш дина хилла ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гІараваьлла вевзаш вара. Иза ткъе иттаннал чІогІа цІе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дІахІоттийра БенъяхІу. Коьрта ткъе итт тІемалочунна юкъабогІуш бара: Йоабан ваша ІасахІал, Байтлахам-гІалара Додин кІант Элхьанан, хьародхой болу Шама а, Эликха а, палтихо волу Хьелац, такхоІхо волчу Іакхешан кІант Іира, Іанатотхо Абу-Іезар, хьушатхо Мубани, ахьохьахо Цалмун, натІупатхо Махьран, натІупатхо волчу БаІнин кІант Хьалид, бен-яманхойн ГебаІ-гІалара Ребин кІант Ита, пІарІатунхо БенъяхІу, ГаІашан тогІешкара ХІиди, Іарбатхо волу Абу-Іалбан, бархьумхо волу Іазмават, шаІалбанхо Элияхьба, Яшанан кІентий, ЯхІуната, хІарархо ШамаІ, хІарархо волчу Шараран кІант Ахьиам, маІхахочун Ахьасбин кІант Эли-Пулат, гилохо волчу Ахьи-Тупалан кІант ЭлиІам, кармалхо Хьецари, арбахо волу ПаІра, Цобарчу Натин кІант ИгІал, гадахо волу Бани, Іамминхо волу Цалакх, Царуятан кІентан Йоабан герзлелорхо волу бератхо Нахьрай, итархо волу Іира, итархо волу ГІараб, хьетахо волу УръяхІу. Уьш массо а ткъе вуьрхІитта стаг вара. Элан кІант ШамаІи Бен-Яман-мехкан мехкада вара.
3. Царств
Выбор основного перевода