Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Дауд-паччахьна тІе а гІой, ала цуьнга: „Сан паччахь волу олахо, хьайн лай йолчу соьга чІагІо еш, ахьа ца элира: ‘Хьан кІант Сулим хьол тІаьхьа хьан метта, паччахь хилла, охьахуур ву аьлла? Ткъа хІинца Адан-ЯхІу хІунда хуьлуш ву паччахь?’ Исраил халкъан Везачу Далла хьалха айса хьуна чІагІо ма-ярра, хьан кІант Сулим, паччахьалла а деш, сан метта охьахуур ву аьлла. Иштта иза дийр а ду ас тахана». Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса.
3. Царств
Выбор основного перевода