Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цІена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кІант а велла, иза, хІинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гІантана тІе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тІехь битира Ахьа. Везачу Эло чІагІо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваІда дина Цо: «Хьан тІаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар. Нагахь хьан кІенташа Сан барт а, Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь, церан кІенташа а гуттар а ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».
3. Царств
Выбор основного перевода