Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Айхьа сагІа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тІаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хІун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Исраилан халкъан массо а тайпанашка цо шен хьадалчаш дІасабахийтира. Цо царна тІедиллинера: «Нагахь санна шайна цхьанхьа коьман маІа локхуш хазахь, аша ала деза: „Абушалам Хьевронехь паччахь хилла дІахІоьттина!“» ХІунда аьлча Адан-ЯхІус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагІий а дайина. Берриге а паччахьан кІентий а, тІемалойн хьаькамаш а, динан да волу Абу-ЯтІари а тІе а кхайкхина, Іаш ву иза. ХІинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхІу-паччахь!“ ТІаккха, лакхенна тІехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Іатал-ЯхІуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Іатал-ЯхІус, шен тІехула юьйхина йолу бедар ятІа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.
3. Царств
Выбор основного перевода