Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Исраил халкъан Везачу Далла хьалха айса хьуна чІагІо ма-ярра, хьан кІант Сулим, паччахьалла а деш, сан метта охьахуур ву аьлла. Иштта иза дийр а ду ас тахана». Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“. Ткъа хІинца, сан кІант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цІа дарна тІехь хьан аьтто боккхийла Цо. Исраилан халкъана тІехь паччахь хьо дІа а хІоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде.
3. Царств
Выбор основного перевода