Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Мусага ма-доггІара, хьоьга а ладугІур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца! Амма сан да хьуна ямартло ян кечвеллехь, иза аса хьан лергашна хазор ду, хьо кІелхьара а волуьйтур ву. Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла суна, аса иза ца дахь. Веза Эла, сан деца ма-хиллара, хуьлийла хьоьца а. Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цІе хьан цІарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТІаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьІира царна. Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъана хьалха Везачу Эло Сулим вазвира. Паччахьан хуьлу сийлалла делира цунна Везачу Эло, Исраил-мехкан цхьанна а паччахьан ца хиллачу тайпана.
3. Царств
Выбор основного перевода