Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Цигахь Царуятан кхо кІант вара: Йоаба, Абушай, ІасахІал. ІасахІал, акха сай санна, чехка вадалуш вара. Шива йозанча вара. ЦІадуккъий, Абу-ЯтІаррий динан дай бара. Сулим-паччахьо, шен нене жоп луш, элира: «ХІунда доьху ахьа Адан-ЯхІуга шунамхо йолу АбишагІ яхийтар? ТІаккха-м и ехна ца Іаш, паччахьалла а дІадалар хІунда ца доьху ахьа цунна. Иза сан воккхах волу ваша ма ву? Цунна и ехарца динан да волчу Абу-ЯтІарина а, Царуятан кІантана Йоабана а паччахьалла доьхуш ю хьо». Сулим-паччахьо динчух лаьцна Йоабана а хезира, хІунда аьлча иза а вара Абушаламехьа а воцуш, Адан-ЯхІугахьа бевллачарна юкъахь. ТІаккха цо, ведда Везачу Элан Четар чу а ваьлла, сагІа доккхучу кхерчан маІаш схьалецира. Дауда аьллера: «Уггар хьалха тІе а летта, явсайхой хІаллакбиннарг тІемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву». ТІаккха Царуятан кІант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тІелетира. Иштта цунах хилира берриг а тІемалойн коьрта хьаькам.
3. Царств
Выбор основного перевода