Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
«Хаза хьожа йогІу уггар тоьлла хІуманаш схьаэца: шийтта герка коча деза даьтта а, цуьнан ахбарам я ялх герка хаза хьожа йолу корица а, ялх герка хаза хьожа йолу эрз а, шийтта герка кассия-диттах даьккхина даьтта а, ялхитта кад зайтдаьтта а. Оцу дерригенах а тІедуттуш долу а, духІиш кечдаран пхьеро эдинарг санна долу а деза даьтта кечде. Иза къобалваран деза даьтта хир ду. Гуламан четарна а, тоьшаллин тІорказна а, стоьлана а, цу тІехь лаьттачу хІуманашна а, стогарна а, цуьнан гІирсана а, хаза хьожа йолу хІума ягочу кхерчана а, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу кхерчана а, цуьнан гІирсана а, цІано ечу юьхь-куьгдуьлургана а, цуьнан бухана а тІе дотта иза. Иштта язъе и хІуманаш, тІаккха уьш чІогІа еза хир ю. Дерриг а царах хьакхалуш дерг деза хир ду. АхІарон а, цуьнан кІентий а, тІе даьтта а доттий, базбе, Суна гІуллакх деш динан дай царах хилийта. Исраилхошка дІаала: „Шун тІаьхьенашкахь Суна лерина долу къобалваран деза даьтта хир ду иза. Хийрачу нехан догІмашна тІе иза дотта мегаш дац, кхидолчу Іалашонашна цуьнан барамех эдина даьтта а дан мегар дац. Иза чІогІа деза ду, шуна деза хила а деза иза. Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Везачу Элан тІорказ, схьа а деана, Дауда хІоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира. Цигахь динан дас ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тІехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тІе даьтта а дуттуш. Цул тІаьхьа, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. ТІаккха Везачу Элана хьалха чІогІа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ. Цул тІаьхьа Дауд-паччахьан кІант Сулим шозлагІа а паччахь хІотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦІадукъа динан да хилийта къобалвира. Цкъа мацах, сурт хІотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гІо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира.
3. Царств
Выбор основного перевода