Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта хьан дайн тІаьхьенах болу, хьан вежарий болу левихой схьабалабе хьайна юххе, цаьрга, хьайна юххехь а болуш, тоьшаллин четарна хьалха хьайна а, хьайн кІенташна а гІо дайтархьама. И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кІентан тІаьхьенах бара: ГІиршанах, КхахІатах, Мерарих. Юашан ворхІ шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе ЦивъяхІу яра. Иза Беар-ШабаІ-гІалара яра. Амци-ЯхІун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхІун ненан цІе ЯхІу-Іаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. ТІаккха яхІудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу, шен ден метта, паччахь а вина, дІахІоттийра. ХІара цІераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхІу, Шараб-ЯхІу, ЮшаІ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дІахІуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хІума Делан стаг волчу Дауда дІахІоттийна хилла. Уьш берриш а гІуллакх деш бара ЮцІдукъан кІентан ЮшаІан кІант ЯхІу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхІу а, динан да Іелам стаг Іезар а волчу хенахь а.
Выбор основного перевода