Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта Сулим-паччахь Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, шена ян мел лиъна хІума а йина чекхвелира. ТІаккха юха а, ГавІон-гІалахь хьалха дуьхьал ма-хІоттара, шозлагІа а дуьхьалхІоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна. Везачу Эло элира: «Суна схьахезира хьан доІа а, хьан Соьга долу дехар а. Ахь хІоттийна долу Сан цІа Ас къобалдира, даим а цигахь Сайн цІе язъяйтархьама. Ас иза Іалашдийр ду, даим дагахь а латтор ду. Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. ТІаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цІийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тІехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Амма шу я шун тІаьхьенах болу паччахьаш Сох дІаберзахь, Ас шайна делла долу Сан весеташ а, Сан хьехамаш а дІа а теттина, кхечу деланашна тІе а дирзина, царна аша Іибадат дахь, тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ. Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ ТІаккха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шайн дай арабаьхна волу шайн Веза Дела а витина, уьш кхечу деланашна тІаьхьа а бевлла, царна Іамал а еш, Іибадат дан болабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тІе и берриг бохам“». Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа деш а, шен паччахьан цІа дІахІоттош а ткъа шо делира. И белхаш бечу хенахь, Цора-гІалин паччахь волчу Хьирамна Галилай-махкара ткъа юрт совгІатна елира Сулим-паччахьо. ХІунда аьлча Хьирам-паччахьо баганан а, зоьзан а диттийн дечиг а латтийра, оьшшучул деши а делира Сулим-паччахьна. Амма Сулим-паччахьо шена еллачу ярташка хьажа вахча, Хьирам-паччахьна уьш хаза ца хийтира. «ХІара хІун ярташ ю ахь суна елларш, сан ваша?» – элира Хьирам-паччахьо. Цо, «Хабул» аьлла, цІе тиллира оцу лаьттана (иза «мехала доцу латта» бохург ду). Иза тахханалц а и цІе йолуш ду. Хьирам-паччахьо цхьа бІе ткъа гали деши дахьийтинера Сулим-паччахьна. Сулим-паччахьо шен лешка Везачу Элан цІа а, керт а дІахІоттаяйтира, шена паччахьан цІа а дайтира. Милло цІе йолу терхийн басенаш а яйтира, Ярушалаймана гонах пенаш а дІахІиттийра. Иштта Хьацор а, МагІидда а, ГІазар а цІераш йолу гІаланаш а дІахІиттийра цо. (ПирІун волчу Мисар-мехкан паччахьо, ГІазар-гІалина тІе а гІоьртина, иза схьаяьккхинера. ТІаккха, и гІала цІергахь яга а йина, оцу гІалахь Іаш болу канаІанхой, байа а байина, Сулим-паччахьехь марехь йолчу шен йоІана томана еллера пирІуно и ГІазар-гІала. ТІаккха Сулим-паччахьо юха меттахІоттийнера ГІазар-гІала.) Лахара Байт-Хьорон цІе йолу гІала а тойина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Иштта ЯхІуд-махкахь йолчу яьссачу аренгахь Сулим-паччахьо дІахІоттийра БаІалт цІе йолу а, Тамар цІе йолу а гІаланаш. Кхин а Сулим-паччахьан долахь йолу, тІаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латто гІаланаш а, говраш южу гІудалкхаш латтош йолу гІаланаш а, дошлойн говраш чохь латто гІишлош а, ерриг Ярушалайм-гІалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тІехь шена ян лиъна йолу массо а хІума йина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Исраилан халкъ доцург кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара эмархойн а, хьетахойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а тІаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хІинца а тахханалц леш бу. Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тІемалой, я тІеман хьаькамаш, я тІеман коьрта хьаькамаш, я гІудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара. Пхи бІе шовзткъе итт хьаькам вара Сулим-паччахьан белхашна тІехь урхалла дан дІахІоттийна. Уьш белхаш беш болчарна тІехь хьаькамаш бара. ТІаккха, Даудан гІалара ара а яьлла, Сулим-паччахьо шена динчу цІа чу елира пирІунан йоІ. Цул тІаьхьа Милло цІе йолу терхийн басенаш йина дІахІиттийра паччахьо. Ша Везачу Элана дІахІотийначу сагІа доккхучу кхерчан тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш а, бертан сагІанаш а дохура Сулим-паччахьо шарахь кхузза. Цу чохь хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягайора Сулим-паччахьо Везачу Элана хьалха. Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан цІа. Сулим-паччахьо хІордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хІордан йистехь Эйлат цІе йолчу гІалина уллора Іецйон-ГІебар олучу меттехь. ХІордах лаьцна дерг хууш болу кемалелорхой бара Хьирам-паччахьан. Уьш Сулим-паччахьан нахаца оцу хІордкеманашна тІехь гІуллакх дан хьажийра Хьирам-паччахьо. Оцу наха, Апар цІе йолчу махка а бахана, цигара бархІ бІе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дІаделира.
Выбор основного перевода