Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунца гергарло тесира Сулим-паччахьо, цуьнан йоІ шена а ялийна. Шен паччахьан цІа а, Везачу Элан цІа а, керт а, Ярушалайм-гІалина гонах йолу тІулган керт а дІахІоттаяллалц, Даудан гІала ялийра Сулим-паччахьо пирІунан йоІ. Сулим-паччахьан ша Іаш волу цІа кхечу кертахь дара. Иза кхел еш йолчу цІенна тІехьа дара, оццу куьцехь дина а дара. И санна цІа динера Сулим-паччахьо шена ялийна йолчу Мисар-мехкан пирІунан йоІана а.
Выбор основного перевода