Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта. Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тІе-ма-диллара, ворхІ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хІунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагІа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хІотта. Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. ХІора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хІитта беза. «ХІора дийнахь сагІа доккхучу кхерча тІехь цхьа шо кхаьчна ши Іахар сагІина боккхур бу ахь. Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. «Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Іахар, шайна тІехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кІен сагІина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама а, цуьнца цхьаьна чагІаран сагІина лерина чагІар а. «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. Шарахь кхузза халкъана юкъара боьрша стаг мел верг шен Везачу Далла хьалха дІахІотта веза Цо къастор йолчу оцу меттехь – совсазчу баьпкан дезачу дийнахь, ШавуІот цІе йолчу дезачу дийнахь, Кхалорийн дезачу деношкахь. Цхьа а стаг Везачу Элана хьалха даьссачу куьйгашца ван ца веза.
Выбор основного перевода