Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Суна ма-хаззара гІуллакхаш вон дуй хьожур ву Со, цига а вахана, тІаккха хьал ма-дарра хуур ду Суна». Іудадан кІантана Іазар-ЯхІуна тІе Делан Са доьссира. Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Веза Эла чІогІа оьгІазвахара Амци-ЯхІуна. Цо пайхамар вахийтира цунна тІе. Пайхамаро Амци-ЯхІуга элира: «Шаьш-шайн халкъ хьан куьйга кІелара дІа ца даккхаделлачу, оцу къоман деланех дага хІунда волу те хьо?» Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тІекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дІаделира Ахь. Уьш тхуна тІе а летара, тхан нах цара дІа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Сайн халкъана оьгІазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дІаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тІедуьллура ахь. Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.
Выбор основного перевода