Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а, Ярушалайм дІалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тІом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гІала Араман халкъана юха а ерзош, цу гІалара яхІудхой дІалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гІала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. Іузи-ЯхІун кІентан Йовтаман кІант Ахьаз ЯхІуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тІом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тІамца Ярушалайм-гІалина тІелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира.
Выбор основного перевода