Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ЯхІурам паччахь дІахІуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархІ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дІакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гІалахь дІавоьллира иза. ЧІогІа чов хилла волу Юаш Іад а витина, арамхой дІабахара. Ткъа динан ден ЯхІу-ЯдаІан кІант верна, бекхам а беш, Юашана дуьхьал барт бира цуьнан ялхоша. Цара иза шен меттахь Іуьллучохь вийра. Юаш велира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Амма иза паччахьийн къуббанашкахь дІа ца воьллира.
Выбор основного перевода