Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. «Шайн Везачу Дала шайна лун долчу лаьтта тІе шаьш даьхкича, кхечу халкъаша лелийна боьха гІуллакхаш дан ма Іамалаш. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Юши-ЯхІу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХІинам-тогІи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кІант я йоІ цигахь Мулка-цІунна лерина цІерах чекх ца бахийтархьама. Везачу Эло исраилхошна хьалхара дІалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гІуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша. Маннаша шен кІентий Бен-ХІинам-тогІи чохь цІерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаІална Іамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира.
Выбор основного перевода