Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, иза Ярушалайме дІа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. ТогІин ков тодеш вара Хьануни цІе йолу стаг а, иштта Занухь-гІалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неІарш кІажаш тІе а ехкина, цу неІаршна догІанаш а, гІораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тІекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара. ЮшаІан кІанта Эзара царна уллохь долу дакъа тодира, ткъа ша Эзар МицІпана тІехь хьаькам вара. Цо герз чохь долчу чоьнна тІера дуьйна гІалин пенан маьІигна тІе кхаччалц пен тобира.
Выбор основного перевода