Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. Везачу Эло Ша леладора Шен къам. Цуьнца кхечу къоман дела вацара. Іузи-ЯхІун кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Паччахьна, ша Дамасакхера цІа веача, и сагІа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тІе а вахана, цу тІехь сагІа даьккхира. Дийнаташ дагоран сагІа а, кІен сагІа а, чагІаран сагІа а даьккхира цо цу кхерчана тІехь. Бертан сагІа а доккхуш, кхерчан агІонаш тІе цІийн цинцаш туьйхира паччахьо. Иза-х стигалшна – ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цІа дан? Со мила вара, Цо Шен цІа дан пурба суна даллал? И цІа – Цунна лерина сагІа доккху меттиг бен хир ма яц! Ахьа боху: „Аса эдомхошна тІехь толам баьккхина“. Ткъа хІинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Цул хьайн цІахь Іе хьо. Хьайна бохам хІунда лоьху те ахьа? ТІаккха хьо а хІаллаквийр вара, хьоьца ЯхІуд-мохк а хІаллакбийр бара». Амма шена динчу диканан ларам ца бира Хьузакх-ЯхІус, хІунда аьлча дог курадаьллера цуьнан. ТІаккха Дала цунна а, ЯхІудан къомана а, Ярушалайман бахархошна а Шен оьгІазалла тІеяийтира. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш. Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тІе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хІаллакдина ахьа. И хІума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІоттийна Ас.
Выбор основного перевода