Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха дерриг а ЯхІудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу шен ден Амци-ЯхІун метта паччахь дІахІоттийра. ЯхІуаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхеттачул тІаьхьа Іузи-ЯхІус, Эйлат-гІала ЯхІуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахІоттийра. Цу хенахь Іузи-ЯхІун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Іузи-ЯхІун ненан цІе Яхул-ЯхІу яра. Иза Ярушалаймера яра. Делахь а тІехь сагІа доккху гунаш дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора.
Выбор основного перевода