Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ПІелаштамхоша шайн Далла хьалха болу бехк токхуьйтуш сагІина даийтина долу суьрташ дара: цхьаъ – Ашдод-гІалин цІарах, важа – Іази-гІалин цІарах, важа цхьаъ – Ашкхилун-гІалин цІарах, кхин цхьаъ – Гати-гІалин цІарах, ткъа кхин цхьаъ – Іекхран-гІалин цІарах. «Доккхадеш ма хила, пІелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гІаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дІаьвше кІорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хІоьах кхераме саьрмик хир ма бу. Ашдод-гІалин бахархой а хІаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гІалахь олаллин гІаж дІалаьцнарг а вохор ву Ас. Іекхран-гІалина тІе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пІелаштамхойх дисина халкъ а хІаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода