Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Четарна тІехула марха хьалаайаелча, Мареман дегІ ло санна кІайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхІарон, юха а вирзина, Мареме дІахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла! ГІайхьази, чу а веана, ЭлишаІана хьалха дІахІоьттира. ЭлишаІа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГІайхьази?» «Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», – аьлла, жоп делира ГІайхьазис. «И бакъ дац, – элира пайхамаро ялхочуьнга. – Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гІудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогІуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагІий, хьелий, леш я гІарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хІара! ХІинца дуьйна НаІаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тІаьхьенна а тІехь хир ю массо а ханна». Оцу чкъуран цамгаро ло санна кІайвина, аравелира ГІайхьази ЭлишаІ волчуьра. Везачу Эло Іузи-ЯхІу-паччахьна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дІаваллалц и цамгар цунна тІехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цІа чохь Іаш вара. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора.
Выбор основного перевода